Малик Абзаев 43
Добро пожаловать, Рамадан!
(1-й куплет)
Здравствуй, благословенный месяц, месяц, дошедший до нас по милости Аллаха.
Ты принес нам очищение от грехов, ты осветил мир, сияя светом веры.
(Припев)
Добро пожаловать, благословенный месяц, добрый месяц Аллаха, который очистит нас от грехов.
Мы долго ждали твоего прихода, по дозволению Аллаха ты достиг нас.
(2-й куплет)
Ты пришел с прекрасной вестью, ты пришел, даруя душе покой.
Делая Аллаха довольным через намаз и пост, ты открыл нам двери рая.
(3-й куплет)
Мы ждали тебя, надеясь, что ты придешь, молясь и взывая к Аллаху.
По дозволению Аллаха ты пришел сегодня, пусть простятся наши ошибки, благословенное время.
(4-й куплет)
В тебе дошла до нас милость Аллаха, ты приносишь успокоение слабым сердцам.
Говоря «Добро пожаловать», мы встречаем тебя, с тобой наши сердца очищаются верой.
20.02.2026 10:09
«Таллархочо толлу»
Таллархочо толлу лакхара даккъаш,
Шен тача дуьтуш цо кӀоргачу лай тӀехь.
Лохуш а, карош а акхаройн когаш,
Сатуьйсуш лела и лекхачу ломахь.
Ӏаламан тийналла, стиглан и сибат —
Таллархочун деган дозалла ду.
Маьлхан и зӀаьнарш, и хаза суьйре —
Къоначу таллархочун дахар и ду.
Ма чӀогӀа говза ю цуьнан и гӀулчаш,
Ма мерза хета цунна лаьмнийн хӀаваъ.
Таллархочо толлу, дог-дилла ца луш,
Шен Даймехкан сий цо лакхош ду хьава
14.02.2026 12:55
«Делан совгӀат»
Хьаша — Делан совгӀат ду,
Вайна латта тӀе деана.
Цо хӀусамна нур ло ду,
Дика хьешана дезаш.
Хьаша лара везаш ву,
И вайн сий, оьздангалла.
Къонахчун дог делало,
Хьаша тӀелаца хилча.
Цул а мерза хӀума дац,
Хьаша ларар — вайн Ӏедал.
Нохчийн хӀусамехь цкъа а
Ма совцалда и гӀиллакх!
14.02.2026 03:24
Сестре
Сестра моя, души моей частица,
Пусть Бог тебе подарит сотни лет.
И не найти слов на земных страницах,
Чтоб передать любви моей рассвет.
Прости меня, коль в чем-то ошибался,
Коль словом резким сердце я задел.
Никто в огромном мире не сравнялся
С тобой — ты счастье жизни, мой удел.
Клянусь Творцом, покой твой охраняя,
Я жизнь отдам, чтоб ты беды не знала.
Живи же долго, горестей не зная,
Чтоб ты, как свет, в дому нашем сияла!
04.02.2026 18:25
«Хороший человек»
Помогает слабым,
Заботится об их делах.
У него милосердное сердце,
Он делает добрые дела.
Он противостоит несправедливости,
Встает, чтобы утвердить правду.
Он выбрал хороший путь,
Всегда трудится.
Познавая Аллаха, живет,
Идет по истинному пути.
Слабому он друг,
Идет в рай.
04.02.2026 15:29
«Дика стаг»
Мискачунна гӀо деш ву,
Цуьнан гӀулкхе хьожуш ву.
Къинхетаме дог а ду,
Дика гӀуллакх деш и ву.
Харцонна и дуьхьал лаьтта,
Бакъо чӀагӀъян иза гӀатта.
Дика некъ цо хаьржина,
Къахьоьгуш и даиман лаьтта.
АллахӀ вовзий вехаш ву,
Бакъ долчу новкъа вогӀуш ву.
ГӀийлачунна накъост ву,
Ялсаманна воьдуш ву.
03.02.2026 23:00
Школин нур — Нурьян
(1-ра куплет)
Школин серла кхерчахь хьо,
Массарна а езаш ю.
Массо дешархочо хьо,
Доггах лоруш, хьоьстуш ю.
(Припев)
Нурьян — завуч, хьекъална,
Хьан дог — ирсе дегнашна.
Школин нур ду хьо сирла,
Массарна а хьо еза.
(2-ра куплет)
Цхьанна новкъа ца яьлла,
ГӀо деш даим лела хьо.
Нийсо, тешам — хьан гӀала,
Дог ойуш, дош олу хьо.
(Припев)
Нурьян — завуч, хьекъална,
Хьан дог — ирсе дегнашна.
Школин нур ду хьо сирла,
Массарна а хьо еза.
(3-ра куплет)
Дала аьтто бойла хьан,
Хьоме, сийлахь хьехархо.
Массо беран доттагӀ хьо,
Ирсе ехийла хьо, тхо!
(Припев)
Нурьян — завуч, хьекъална,
Хьан дог — ирсе дегнашна.
Школин нур ду хьо сирла,
Массарна а хьо еза.
03.02.2026 19:06
«Йаздаран марзо»
Йаздарца сан дегна хьаам бу,
Ишколехь со даим цуьнца ву.
ДоттагӀаша цецбевлла олу соьга:
«КӀад ца ло хьан куьйгаш, хьоьжуш тхоьга?»
ЙаздагӀа сан карахь даим йу,
Цо сан ойла серла йоккхуш йу.
«ХӀан-хӀа, кӀад ца ло со», — олу аса,
Йаздаро со ирсе воккху дера.
Уьш-м цецбийлира сан жоьпана,
Ас-м йаздарехь карийра сайн дуьне.
Кехат тӀехь сан ойла йахкалахь,
Хазахетар даим соьца ду.
03.02.2026 18:34
«Оставь людей, отвечай за себя...»
Оставь людей в покое, не смотри на них,
Ты пытаешься исправить ошибки своего сердца.
Отвечай за себя сначала, выполняй свой долг,
Спеши исправить свою судьбу.
Оставь людей в покое, выбирай свой путь,
Из-за их разговоров свое сердце не терзай.
Праведность и веру в сердце храни,
Свою жизнь чистой и счастливой сделай.
03.02.2026 18:29
«Нах бита, хьайх жоп ло...»
Нах бита баха Ӏад, цаьрга ма хьежа,
Хьайн деган гӀалаташ тодан хьо гӀерта.
Хьайх жоп ло хьалха, хьайн декхар ахь лежа,
Хьайн кхоллам нисбан ахь сихалла латта.
Нах бита баха Ӏад, хьайн некъ ахь харжа,
Цара дийцарех хьайн дог ма этӀаде.
Нийсо а, иман а дегца ахь ларде,
Хьайн дахар цӀена а, ирсе а де.
03.02.2026 18:28
Забаре илли
I куплет:
Хьо гучу яьлча, малх схьакхетта моьтту,
Самукъадолуш, дог сан хьоьга кхийда.
Дог хьаста дезаш, хьан хазалла юьйцу,
Хьо йола соьга, ма гIолахь хьо гена.
Припев:
ХIай, хIай, Заббарий,
Хьо гича, самукъадолу-кх сан!
Йолахь соьга, хIай Заббарий,
ХIай, хIай, заб-заб-Заббарий!
II куплет:
Ког баккхар хьан — иза хелхар ду моьтту,
Хьан бIаьргийн нуьро кху дуьненан серло.
Забарш а йохуш, вай ирсе дехар ду,
Тхан керт а кхоьллина, хьо хилахь сан нускал.
Припев:
ХIай, хIай, Заббарий,
Хьо гича, самукъадолу-кх сан!
Йолахь соьга, хIай Заббарий,
ХIай, хIай, заб-заб-Заббарий!
III куплет:
Ма хьежа кхоьллина, ма гIолахь лечкъаш,
Дог хьуна дилли ас, хьо цхьаъ ю моьттуш.
«Заб-заб» а бохуш, ас илли и локху,
Хьо йола соьга, сан деган ирсе заза!
Припев:
ХIай, хIай, Заббарий,
Хьо гича, самукъадолу-кх сан!
Йолахь соьга, хIай Заббарий,
ХIай, хIай, заб-заб-Заббарий!
02.02.2026 11:25
Бераллин лаам
Жималлехь дуьйна дог хьоьстуш,
Тоьпаш йезар дара.
Уьш чекхйевлча, сагатдо,
Цхьа керланиг иэшара.
Доьхура, нене воьдура.
«Йехьа, нана, и!» — олий,
Цунна хьалха со хӀуттура.
Нанас, шен кӀеда куьг хьоькхуш,
Жима дог паргӀатдоккхура.
Бераллин хаза, мерза денош,
Цо шен марзонца дузура.
И тоьпаш — жималлин ловзарш,
Даг чохь дийна ду тахана.
Амма уггар дезаниг дара —
Нанас деш долу къамел.
Дахар дӀадоьду, хан дӀашерша,
Керла тоьпаш оьцур йац.
Амма «Йехьа, нана!» боху и аз,
Даг чохь диси — и ду хазна.
02.02.2026 11:24
Йаздаран марзо
I дакъа: Деган хьаам
Йаздарца сан дегнан хьаам бу,
Ишколехь со даим цуьнца ву.
Керла дешнаш кехат тӀе хӀиттош,
Сайн ойланаш дегнашка кхидош.
ХӀора элпо серло ло сона,
Ирсан некъ и буй хаьа суна.
II дакъа: ДоттагӀийн тамаша
ДоттагӀаша цецбевлла олу соьга:
«КӀад ца ло хьан куьйгаш, хьоьжуш тхоьга?
Муха яздо ахьа иштта дукха,
ГӀаларт санна, ойла йина мукъа?»
Царна моьтту иза хала къинхьегам,
Ткъа суна — иза бу деган кхаъ-безам.
III дакъа: Ойланан нур
ЙаздагӀа сан карахь даим йу,
Цо сан ойла серла йоккхуш йу.
Дуьненан и маьӀна карош сона,
Къоламо некъ гойту сан синона.
«ХӀан-хӀа, кӀад ца ло со», — олу аса,
Йаздаро со ирсе воккху дера.
IV дакъа: Кехат тӀера дуьне
Уьш-м цецбийлира сан жоьпана,
Ас-м йаздарехь карийра сайн дуьне.
Кехат тӀехь сан ойла йахкалахь,
Хазахетар даим соьца ду.
Къолам — сан доттагӀ, кехат — сан майда,
Цу тӀехь ас кхуллу ирсан гӀайба.
V дакъа: Чаккхе
Йаздаро со генашка вигний,
Дагна керла, цӀена нур дигний.
Сан ойланан хӀора зӀаьнар ю,
Кехат тӀехь ас йитина йозанан лар ю.
Марзо эца, йазде хьо а даим,
Иштта карор бу хьуна а деган хьаам.
02.02.2026 11:23
Симсир — хьалхенан илли
Ма хьалха хилла хьо, сан деган Симсир,
Ножай-юьртан латтан тӀехь шира хьо ю.
Яьссин йист хазъеш хьо лаьтташ ю тийна,
Тхан дегнийн дозалла, хазаллин гуо.
Цигахь ю качелаш — кхозуш ду дегнаш,
БӀаьстенан заманахь заза хьо ду.
Яьссин цу хиш чохь, тхо накъостий хьийзаш,
Ирс долу бералла — вай хьоьстуш ду.
Ненахой бехаш бу — сан деза хьошам,
Ишкол дӀахецча, со хьоьга вогӀу.
Аьхкенан малхо хьо йовхонца лоллу,
Симсиран лаьттахь со паргӀат-са догӀу.
Ӏай а ю хазалла — салазийн некъаш,
Шерачу басешкахь вай сиха лела.
ДоттагӀий гуллуш, вай ирсе ду цигахь,
Симсир — сан дог ду, хьо еза суна чӀогӀа!
02.02.2026 11:21
Дехар
I
Везан Дела, Хьоьга доьху оха,
ХӀара де хазачу кхааца догӀийла.
Дог хьоьстуш, ирсе иза хилийта,
Массо а дика хьан ниӀматца кхочийла.
II
Тахана лера хӀара хаза де,
Беркатца догӀийла хӀора цӀенна.
ГӀайгӀа-бала дӀа а тоьттуш,
Массарна ирс дохьуш хилийта.
III
Хаза хабар, дика кхаъ,
ХӀора стеган маттахь хилийта.
Везачу АллахӀан лаамца,
ХӀара де ирсе чекхдалийта.
IV
Хьан къинхетамца тхо ма херде,
ХӀора де беркате хилийта.
Везан Дела, хӀара дехарш,
Тхан дегнашкара Хьоьга кхочийла.
Амин!
02.02.2026 11:20
Тешаман некъ
I дакъа: Шеконан гIайгIа
Со охьахиъна, ойланаш йеш Iара,
Дог сайн гIайгIано охьатаIийна.
«Безачу доттагIчо со дӀатосур ву те?» —
Бохуш, шеконан цIе даг чохь йилхина.
«Тешна бехк бийр бу те, ас тешам беллачо?
Сан деган доттагIа хийра дIавер ву те?»
Вай вовшех къастарах кхоьруш со воьлху,
И къаьхьа ойла сох хьерчаш ю хIинца.
II дакъа: Деган марзо
ДоттагIалла — иза деза совгIат ду,
Дала вайн дегнашка кхоьллина марзо.
Амма и тешам цкъа ийккхахь, дог дохош,
ТIаккха дуьненахь хир яц паргIато.
Ойланех воьхна со охьахиъна Iаш ву,
ГIайгIано дог сан хIинца а Iийжадо.
«Ма тосалахь со, доттагI!» — даггара олу,
Хьоьца бен сан ирс а, тешам а ца го.
III дакъа: Тешаман дехар
ХIара некъ беха бу, вай цхьаьна дIагертташ,
Ма херцаде хьоьца долу сан деган дог.
Тешамо вай вовшех чIогIа дIатесна,
Ма бийлахь тешна бехк — и ду сан дехар.
Дог цIена хилар ду — ирс долу хIуманца,
ДоттагIчо доттагIчунна гIо лоцуш хилча.
Дала вай лардойла ирчачу кхолламах,
Тешам а, безам а вайн дегнашкахь лаьтташ
01.02.2026 18:05
«Ишколан малх»
Хьоьха лаьцна дика дош ала лаара,
Ишколехь хьо тхуна чӀогӀа герга ю.
Массарна хьо езаш, ирсе ехийла,
Хьан дикалла малх санна сирла ю.
Хьан забаро дог-ойла гӀаттайо тхан,
Хьо йолуш самукъане денош долу.
Ларамца хьан сий деш, хьо лара лаара,
Хьо санна дика адам кӀеззиг хуьлу.
01.02.2026 18:03
«Йоьхна йогIу зама»
(Туьйра)
Цхьана хазачу нохчийн йуьртахь дехаш хилла ши ваша — Хьасайн а, цуьнан воккхаха волу ваша а. Церан нана чӀогӀа кӀеда-мерза а, кӀезигчу хӀуманна дог лозуш а хилла. КӀентий чӀогӀа безаш хилла цунна, ткъа кӀенташа шайн нана малхах а, мохах а ларйора.
Цхьана дийнахь кӀентий хьуьнха бахана хилла дечиг даккха. Болх беш чӀогӀа кӀадбелла хилла и шиъ. ЦӀеххьана Хьасайнна хьуьнан кӀоргехь цхьа кхераме экха гина. Хьасайн кхеравелла, амма воккхаха волчу вешин майралла бахьана долуш, и шиъ кхерам боцуш цӀа вирзина.
ЦӀа богӀуш Хьасайнна чӀогӀа лаара и кхераме хилларг нане дийца. Цунна моьттура нанас ша хьастахь, ша кхин кхералур вац. Амма воккхаха волчу вешо Хьасайнна белш тӀе куьг а диллина, элира:
— Ма ала, Хьасайн, иза вай нене. Нана кхералур йу, цуьнан дог лазор ду. Цуьнан сагатдийр ду вай хьуьнха доьлхуш. Вай майра хила деза, вайн кхерам вайгахь битар тоьур ду. Нанна оьшург — вайн кхиамаш а, вайн дика дог-ойла а йу.
Хьасайн кхийтира шен вешин дешнех. Цу дийнахь дуьйна цо нанна даима дика хабарш бен ца дуьйцура. И ши ваша кхиа а кхиъна, баккхий хилча а, цара даима вовшашка олура: «Вай нана ларъян йеза, кӀезигчу синтем байначу хӀуманна цуьнан дог ма лазаде».
Иштта, оцу дешнех дог-цӀеначу безаман а, нана ларъяран а билгало хилира.
01.02.2026 18:02
«Хьо»
Хьалха хьо хила веза хьуна
Гӏиллакхе а, оьзда а.
Тӏаккха бен хир вац хьо кхуьна,
Дахарехь нуьре седа а.
Оьздалла — хьан деган гӏортор,
Гӏиллакх — хьан дахаран нур.
И шиъ ду къонахчун гӏортор,
И шиъ ду ирсан некъ хьур.
Дахар хьан маьӏне ма долий,
Сий лардеш, дика хьо лела.
Гӏиллакхехь, оьздаллехь волий,
Къонахчун цӏе лакха айа.
01.02.2026 15:43
Сан хьоме да
Сан хьоме да, Дала эзар
Шерашкахь ваха войла хьо.
Баркалла хьуна, хьехарш деш,
Къахьегна, кхиош тхо.
Хьо вацахьара, сан йиш йацара,
Доьзалехь коьртаниг хьо ву.
Уггар а воккха, лераме,
Тхан деган дозалла хьо ву.
Деца даим лерам беза,
Дас бохучун тӀера ма вала.
Дас бохучун тӀехь чекхвала,
И ду-кх кӀентан сий хилар.
01.02.2026 14:47
«Разлука с отцом»
Разлука с отцом — это бремя былое,
Большая печаль и затишье глухое.
Как будто земля уплывает из ног,
Когда опустел столь знакомый порог.
Он был нам опорой, и силой, и светом,
Делился всегда мудрым, добрым советом.
Теперь лишь в молитвах, в течении дней,
Мы ищем тепло, что всех в мире родней.
Та бездна пуста, сердце бьётся в неволе,
Не высказать вслух этой тянущей боли.
Разлука с отцом — как незримая нить,
Что учит нас помнить, любить и хранить.
01.02.2026 14:41
«Рана, нанесенная оружием, зажила...»
Рана, нанесенная оружием, зажила,
Боль, которую она принесла, прошла.
Но рана, нанесенная словом,
Осталась на моем сердце.
Место, куда попала пуля, может зажить,
Со временем оно исчезнет.
Но когда слово попадает в сердце,
Оно остается там навсегда.
Сила оружия — это боль для тела,
Она причиняет боль на время.
А злое слово
Лишает покоя, пока я жив.
Врач вылечит рану от пули,
Сделает лекарства, поможет.
А рану, нанесенную словом,
У кого хватит сил вылечить?
Рана, нанесенная оружием, зажила,
Время над ней поработало.
Но рана, нанесенная словом,
Осталась, оставив след на сердце.
30.01.2026 20:57
Назма: ТӀаьххьара Элча (ﷺ)
I
Сийлахьчу Маккахь дуьненчу ваьлла,
Серло ю иза дуьненна елла.
ТӀаьххьара Пайхамар — Делан Элча ву,
Мухьаммад варца вай дозалла деш ду.
ТӀехтухуш (Припев):
Я АллахӀ, декъалве Хьан сийлахь Элча,
Маккахь и дуьненчу ваьллачу дийнахь.
ТӀаьххьара Пайхамар — адаман нур ду,
Мухьаммад — веза Элча, вайн серло ю.
II
Делан дош кхачийна цо дерриг халкъана,
Нийса некъ гайтина бусалба умматна.
Маккин и сийлахь латта деза ду,
Цигахь вайн Пайхамар кхиъна волуш ву.
III
Сийлахь ю Макка — и цуьнан вина меттиг,
ТӀаьххьара Пайхамар — вайн дегнийн илли.
АллахӀан Элча ву, Делан пурбанца,
Декъал ве иза Хьоьга доьху вай, ЯллахӀ!
27.01.2026 23:20
Мадина Рамзановнана лерина илли
1-ра куплет:
Маьлхан зӏаьнарш санна, чуйогӏу хьо классе,
Хьол хьекъална оьзда хьехархо вац цхьа а.
Мадина Рамзановна, хьан хӏора урок,
Дог ирсе деш йогӏу, пайдехь ю тхуна.
Оьрсийн мотт — и хаза, и дийна вай мотт —
Ахь тхуна бовзуьйту, вайн ненан мотт санна.
Терек (Припев):
Хьан цӏеначу дегӏна, хьан сийлахьчу ойлана,
Хазачу дешнашна, ахь тхуна луш долчу —
Баркалла олу оха! Ирсе хила хьо даим,
Тхан кхиамаш хилий хьан дагна там беш.
Хьол дика хьехархо дуьненахь карор вац,
Хьан бӏаьргийн нуьро тхан некъ серлабоккху!
2-ра куплет:
Даим хьо елало, дог кӏеда ду хьан,
Дикалла ло ахь хьан дешархошна.
Хьан собар — чӏогӏа берд, хьан къамел — исбаьхьа,
Хьан хӏора дош ду деза, нур догуш санна.
Дикачу дашна а, нийсачу некъана а,
Хьол дика хьехархо тхуна карор вац.
Бридж:
Хьан дахарехь даим хуьлийла бӏаьсте,
Хьан са ирсах, йовхонах дуьззина хуьлийла.
Оха лара до ахь делла долу хьекъал,
Хьан безаман дуьхьа Дела реза хилийла!
Финал:
Тхан толамаша доккхадойла хьан дог,
Ирсан серло хилийла хьан хӏора сохьтехь!
27.01.2026 23:19
Мадина Рамзановнана лерина илли
1-ра куплет:
Маьлхан зӏаьнарш санна, чуйогӏу хьо классе,
Хьол хьекъална оьзда хьехархо вац цхьа а.
Мадина Рамзановна, хьан хӏора урок,
Дог ирсе деш йогӏу, пайдехь ю тхуна.
Оьрсийн мотт — и хаза, и дийна вай мотт —
Ахь тхуна бовзуьйту, вайн ненан мотт санна.
Терек (Припев):
Хьан цӏеначу дегӏна, хьан сийлахьчу ойлана,
Хазачу дешнашна, ахь тхуна луш долчу —
Баркалла олу оха! Ирсе хила хьо даим,
Тхан кхиамаш хилий хьан дагна там беш.
Хьол дика хьехархо дуьненахь карор вац,
Хьан бӏаьргийн нуьро тхан некъ серлабоккху!
2-ра куплет:
Даим хьо елало, дог кӏеда ду хьан,
Дикалла ло ахь хьан дешархошна.
Хьан собар — чӏогӏа берд, хьан къамел — исбаьхьа,
Хьан хӏора дош ду деза, нур догуш санна.
Дикачу дашна а, нийсачу некъана а,
Хьол дика хьехархо тхуна карор вац.
Бридж:
Хьан дахарехь даим хуьлийла бӏаьсте,
Хьан са ирсах, йовхонах дуьззина хуьлийла.
Оха лара до ахь делла долу хьекъал,
Хьан безаман дуьхьа Дела реза хилийла!
Финал:
Тхан толамаша доккхадойла хьан дог,
Ирсан серло хилийла хьан хӏора сохьтехь!
Абзаев Ӏабдул-Малик
27.01.2026 23:19
Даймехкан лазам
Кхойтта шо даьккхира вай кхечу махкахь,
Кхойтта шо хьийгира вай дог дохийла.
Шийтта итт доьзал бара — цхьа доьзал бисира,
Шийтта итт доттагI вара — цхьа доттагI висира.
Шийлачу Сибрехахь, дай баьхначу лаьттах,
Вайн къам ма даьккхира, дог хьоьстуш доцуш.
Чов йина дегнаш, мацалла хIаллакьхилла,
Къонахий дIабевлира, хIу доькъуш боцуш.
ЧIагIо ю вайн дегнашкахь, йоккха ю чов,
Вайн дайша лайна и, виц ца валалуш.
Дийна бу тахана а оцу некъан тешаш,
Даймахка сатуьйсуш, цIа берза гIерташ.
Кхойтта шо — иза вайн къоман лазам,
Кхойтта шо — иза вайн даг тIера таммагI.
Дала шен къахетам хьуна бойла, нохчийн къам,
Юха ма гойтуьйла иштта ирча зама.
27.01.2026 23:17
«Седарчашна йукъахь лелар»
Цкъа маца а, лекхачу лаьмнашна йукъахь йолчу хьуьнхахь, Керла шо тӀедойла герга деанчу хенахь, цхьа тамашийна хӀума хилира. Хьуьнан массо а бахархой — чан кӀорнеш, цхьогалш, пхьагалш — сатуьйсуш хьоьжура оцу дезачу денна. Ткъа уггаре чӀогӀа цара хьоьжуш верг ГӀура Дада вара.
ЦӀеххьана стигал, нур а деш, кхерста йолаелира. Мархашна йукъара, детин салаз тӀехь хиина, ГӀура Дада гучувелира. Иза лаьтта охьа ца воссара, цо берашка а, хьуьнан акхарошка а кхайкхира:
— Схьадуьйла, тахана вай стигалахь хоьхкур ду!
Массо а, вовшах а кхетта, цуьнан тамашийначу салаз тӀе хиира. Салаз, хӀаваэ хьала а йаьлла, седарчашна йукъахула иккхира. ГӀура Дадас шен детин гӀаж стигала кховдийра, тӀаккха кӀайчу патарш санна, ло охьаэга долаелира.
Оцу буса берашна стигалан эшарш хизинира. Массо а кхийтира: Керла шо — иза тамашийна хӀуманаш кхочуш хуьлу зама йуйла.
ГӀура Дадас, бераш салаз тӀехь стигалахь а хьоьвзийна, цӀа кхачийра. ТӀаккха, Керла шо декъал а деш, совгӀаташ дӀасадиста вахара иза.
27.01.2026 23:17
"Мама"
Моя дорогая, любимая мама,
Ты — сердца отрада и радость моя.
Душевным теплом ты меня согревала,
Что делал бы я, если б не было сего дня?
Прости меня, мама, за все упущенья,
Коль в чем-то когда-то тебя подводил.
Слов нежных о матери — целое море,
Но выразить всё не хватило бы сил.
Спасибо, родная, за то, что взрастила,
Достоинство, скромность и честь мне привила!
26.01.2026 23:14
«ГӀиллакхан хьехар».
ГӀиллакх-оьзда хьехо волалахь,
«Ма кӀордийна хьо», — олу хьуна.
Амма дегнаш кӀеда дита аш,
И хьехар вайна оьшуш дуна.
Дитиначохь гӀиллакх дитахь вай,
Нахах эхь а, ийман лардеш.
КӀордийна аьлла, собар ма хадий,
Диканиг хьехаде, вонна дуьхьал лаьтташ.
26.01.2026 23:13
Величаший Стамбул
О, ты прекрасен, град Стамбул,
Где синь Босфора волны плещет,
Где гордый зов и шумный гул
В лучах полуденных трепещет.
Минареты в небеса
Устремились стройным рядом,
Твои дивные глаза
Смотрят кротким, тихим взглядом.
Шелк садов и пыль дорог,
Запах кофе и жасмина —
Ты пленителен и строг,
Вечной красоты картина.
26.01.2026 19:02
«Дика адам»
Тхан школехь чӀогӀа дика адам ду,
Даимна елаелла, екхаелла ю.
Самукъане йолуш, ирсе ю Ӏайшат,
Массарна а луш ю цо даггара марзо.
Гонахарчу нахана нур санна лепа,
Ела а елла, и юьхь-сибат хаза.
Даимна иштта и ехийла ишколехь,
Декъала хилийла хьо, хьоме Ӏайшат
26.01.2026 19:02
«Аьхкенан де»
1-ра дакъа: Арахь ловзар
Цхьана аьхкенан де дара иза. Малх чIогIа схьахьоьжуш бара, тхан кертахь доттагIашца ловзуш самукъане дара тхуна. Тхо дIасауьдура, вовшахтухуш лелара. Амма цхьа хан яьлча, суна чIогIа хьогал хеттара. Оцу хенахь суна дагайиара нанас кечйина шийла, мерза компот. Иза дагаеача, кхин ловза а ца лаара, со сихха чувахара.
2-гIа дакъа: Мерза компот
Чувахча, нанас суна, хьогалла дIаялийта, кружки чу компот а йоьттина, хьалха йиллира. Со чIогIа хьогалла велла волу дела, цхьа крушка мелла Iебаш вацара. Иза иштта мерза а, тIех тамехь а яра, со саца ца луш, ах банка мелла бен ца Iебира. Оцу дийнахь малх кIелахь ловзар а, нанас кечйина мерза компот а даима сан даг чохь йисна.
13.01.2026 21:01
Де-ненан кхайкхар (Поэма)
Глава I: Безаман дош
Цхьана юьртахь, цхьана цӀахь, кхуьуш вара кӀант,
Дас а, нанас а кхобура и, хьоьстуш массо кант.
ЦӀе а ца йоккхуш, «КӀант!» олий кхойкхура даима,
Цу дешан марзо йара церан дегнашкахь хила.
«КӀант, хьажал кхузехьа!» — олура дас паргӀат,
«КӀант, маца вогӀу хьо?» — нана латташ неӀар кӀела.
Глава II: КӀентан дог-ойла
Амма хан мел йолу, кӀантана и хала хийтира,
Шен сий лахара ду моьттуш, дог цуьнан ийзира.
«Со хӀинца воккха ву, шен некъ а бу сан,
ХӀунда кхойкху соьга иштта, ма кӀорда ди суна!» —
Ойланаш иккхина, накъост волчу и вахара,
Шен кийрара лазам цо цуьнга дӀабийцира.
Глава III: ДоттагӀчун хьехам
Накъост вистхилира, хьаьжна цуьнан бӀаьргашка:
«Хьо-м ирсе ву, кӀант, лацахьа и хьайн дегнашка.
Хьо воцуш кхин кӀант бац церан, хьо ву гӀоьнча,
Церан массо а сатийсам, дог-ойла хьоца ю-кх.
Иза безаман билгало ю, цара хьо ларар ду,
Дас-нанас кхайкхар — иза хьан сий а, ирс а ду».
Глава IV: ДӀадилла и диг!
КӀант цӀа веара, коьрте керла ойла еара,
Нанас «кӀант» аьлла кхойкхуш, цуьнан безам цунна гира.
Керта чу волуш, гира шен да дечиг доькъуш,
«КӀант, хьо кхаьчна?» — хаьттира дас, кӀадвелла волуш.
«Кхаьчна, да! Ло соьга и диг, ас доккхур ду и!» —
КӀанта шен декхар кхочушдира, ларарца шен дин.
Глава V: Къонахчун сий
Цул тӀаьхьа цкъа а кӀорда ца дира цунна и дош,
Цунна хаара: «КӀант» — иза ду уггаре мерза дош.
Дас-нанас бохург дар — декхар хилла ца Ӏаш,
Иза ду сий, иза ду яхь, кху дуьненахь дехаш.
Доьзал — иза беркат ду, да-нана — ирсан хьост,
Царал хьоме хӀумма а дац, ма-аллара накъост.
13.01.2026 21:00
Поэма: Сан хьоме да
I-ра Глава: Хьан хьехарш
Сан хьоме да, хьо эзар шерашкахь,
Декъала вахавойла тхуна хьо.
Хьоьца ду ирс сан массо деношкахь,
Ахь дечу хьехарша со нийса во.
II-гӀа Глава: Доьзалан корта
Хьо воцуш, сан дахарехь йиш яцара,
Доьзалан корта бу хьо, уггар воккханиг.
Хьан сий дар — декхар ду сан, кхин дацара,
Хьо ву-кха хӀусамехь уггар коьртаниг.
III-гӀа Глава: Декхар-иман
Деца лерам хилар — вайн деза гӀиллакх,
Цо бохучун тӀера вала йиш яц сан.
Дас олу дош — и ду сан декъалхиллар,
Цунна муьтӀахь хилар ду сан декхар-иман.
Абзаев Ӏабдул-Малик
11.01.2026 12:38
Синмехаллин ков
Ширачу заманан гӀиллакх а, ламаст,
Дендина, чӀагӀдина, хьайна и дезаш.
Тишалла дӀайаьккхина, серладокхуш сибат,
Мехкан Дас схьадиллина «Синмехаллин» некъаш.
Баркалла хьуна, Рамзан-Хьаьжа, лараме,
Вайн орамаш лардарна, дог иштта догуш.
Къоман сий айбарна, и доккха гӀуллакх ду,
Тхан дозалла ду хьо, сирла некъ боьллуш.
Ширалла тиша ца йойтуш, цӀийеш,
Вайн гӀиллакх-оьздангалла тӀекхуьучунна луш.
Мехкан сий лакхадахь, ирсе зама хьоьхуш,
Дехийла хьо, лараме Да, къоман дог хьоьстуш!
Абзаев Ӏабдул-Малик
11.01.2026 12:38
"раяни пису"
Ва, кIант-йоIа хьовсийша, ма тамаша бу,
Раянин даг чохь-м цхьа пису ма ду!
Дуьне а духур ду, и дийна дита,
Цуьнан цхьа чо ахьа ма бита бита!
Йижарша боху: «Даккха хьо ара!
Оцу писуна-м вай ца дезаш хилла!»
Раянас олу: «Ма дийца и эрна,
Хьастам беш хьостуш, и дита вай кертахь!»
Ша лийр ю бохуш, и лардина Раянас,
Писуна кIело ца яйта цхьаьнга а.
ХIара забар яра, вай декъалдарна.
09.01.2026 15:01
Къонахчун декхар
Хьалха заманахь цхьана ломан юьртахь дехаш хилла цхьа жима стаг. Цуьнан цӀе Мохьмад хилла. Иза шен дена-нанна муьтӀахь а, гӀиллакхе а кхиина. Мохьмадана даима дагадогIура шен дена дош: «Къонах хила атта дац, амма и лакхалла ларъян еза».
Цкъа Мохьмад генна махка воьдуш хилла. Некъахошна юкъахь тайп-тайпана нах хилла. Цхьаболчара шайн ненан мотт бицбина, ийна буьйцура, кхечара оьздангалла йохош, вовшашца эхь-бехк доцуш къамелаш дора. Мохьмадана иза гича, цуьнан даг чу Абзаев Ӏабдул-Маликан дешнаш деара: «Вац и къонах шен ненан мотт ларбеш вацахь». Иза кхийтира — шен мотт бицбинчун шен орам а бицбелла.
Цхьана юьрта кхачале, некъахь царна цхьа воккха стаг вовшахкхийтира. Массеран а шайн гӀуллакх хилла, цхьа Мохьмад воцург, и воккха стаг волчу воьдур вацара. Мохьмад, шен говр сацийна, охьа а воьссина, воккхачу стагана гӀо дира. Цуьнан гӀиллакх а, оьздангалла а гуш яра хӀора боларца. ТӀаккха нахана хиира: «Ву и къонах гӀиллакх шегахь долуш велахь».
Шен некъ чекхбаьккхина юьрта цӀа веара Мохьмад. Наха цуьнан хьекъална а, майраллина а, оьздангаллина а ларам бора. Цо даима олура: «Стаг шен маттаца, гӀиллакхца, оьздангаллица бен къонах ца хуьлу».
Иштта Мохьмада шен дахарехь гайтира: «Ву и къонах шен ненан мотт ларбеш валахь... Ву и тӀаккха вуьззина къонах!»
Юьртахоша иза даима масалла оьцуш лелавора, хӀунда аьлча къонахалла — иза дешнаш дац, иза ненан матте, ламасташка а, оьздангалле а болу безам бу.
09.01.2026 14:59
Нохчийн меттан хьехархочунна
Хьоме хьехархо, хьан хьуьнар ду лакхара,
Ахь Ӏомийна тхуна вайн мотт — деза иллеш.
ЦӀена бийца а, дегнийн догӀа каро а,
Ахь кховдийна тхуна и хазаллин говзалла.
Припев:
Баркалла хьуна, тхан хьехархо хьоме,
Нохчийн мотт безарна, тхан ирс ахь иэди.
Даймохк а, мотт а — вайн синан бӀов ю,
И йовза ахь Ӏомий, хьо кхиамна вовзи.
Ахь довзийти тхуна и сийлахь кӀентий —
Вайн халкъан поэташ, дешнийн говзанчаш.
Арсанукаев Шайхис аьлла дош доккха,
Мамакаев Мохьмада илли аьлла мохках.
Грамматикин маьӀна — иза ду орам,
Ахь маьӀна дира хӀора дешан а ирх.
ЦӀердош ду — вайн дахар, дуьненан цӀе,
Билгалдош — вайн маттахь исбаьхьа сибат.
Хандош ду — вайн гӀуллакх, кхиаман некъ,
Хьоьца вай девзи и къайленан кхерч.
Дешнаш а, предложенеш а — иза ду тхан герз,
Мотт бийца Ӏаморна — хьуна хьалха вай ду деза.
Баркалла хьуна, тхан хьехархо хьоме,
Хьан хьехам — тхан дахарехь сирла нур ду.
Нохчийн мотт — вайн сий ду, вайн синан доза,
Ахь Ӏомийна и — тхуна маьлхан зӀаьнар ю!
08.01.2026 11:13
"Даймехкан лазам"
Кхойтта шо даьккхира вай кхечу махкахь,
Кхойтта шо хьийгира вай дог дохийла.
Шийтта итт доьзал бара — цхьа доьзал бисира,
Шийтта итт доттагI вара — цхьа доттагI висира.
Шийлачу Сибрехахь, дай баьхначу лаьттах,
Вайн къам ма даьккхира, дог хьоьстуш доцуш.
Чов йина дегнаш, мацалла хIаллакьхилла,
Къонахий дIабевлира, хIу доькъуш боцуш.
ЧIагIо ю вайн дегнашкахь, йоккха ю чов,
Вайн дайша лайна и, виц ца валалуш.
Дийна бу тахана а оцу некъан тешаш,
Даймахка сатуьйсуш, цIа берза гIерташ.
Кхойтта шо — иза вайн къоман лазам,
Кхойтта шо — иза вайн даг тIера таммагI.
Дала шен къахетам хьуна бойла, нохчийн къам,
Юха ма гойтуьйла иштта ирча зама.
08.01.2026 11:11
"ЦӀена безам"
Безам бахна, хьо езарна,
Дог сан хьоьца ийна дара.
Хьан оьздачу боларх хьоьгуш,
БӀаьргаш хьоьга хьуьйсуш дара.
ХӀора сарахь, малх чубузаш,
Хьо со ларвеш Ӏара цигахь.
Амма кхоллам хийра бели,
Дог сан дити лазамахь.
«Жима ю и, хан ялале», —
Бохуш, дас-нанас ца яийти.
Безамах со хьоьгуш вити,
Ирсан некъаш дӀахадий ти.
Хьо чӀогӀа сан дагахь йиси,
Хьан оьздалла — даима.
Лазам хилла хьо сан диси,
ЦӀена безам, ма хала дара...
08.01.2026 11:10
Сайн хьомечу дикачу дена лерина
I
Малх схьакхеташ, нур даарца,
ДегIастанан лаьмнийн баххьашкахь,
АллахI декъал войла хьо, сан хьоме Да,
Тхан хIусаман нур, тхан дозалла!
II
Дукха вахавойла хьо, лаьмнаш санна чIогIа,
Хьан даггара лаамаш кхочуш хуьлда.
Ирсе дахар, ирсе денош,
Дала хьуна совгIатна лойла!
III
ДIадахана вониш — хIордана буха,
Диканиг тIедогIуш — седа санна лепаш.
Хьан корта ма кIайлой, хьан дог ма делхийла,
Беркате ахча хьан карахь шортта хуьлда!
IV
Хьо ву-кха тхан гIортор, тхан сийсара седа,
АллахI Дала декъал войла хьо, хьоме Да!
Хьан марзо эзарнаш шерашка ехийла,
Тхан доьзалан ирс хьоьца гуттар а хуьлда!
08.01.2026 11:09
"Паччахьна баркалла"
Паччахьна ас доккха баркалла ала,
Лаьа суна, даггара сайн дешнашца.
Берийн самукъадаккха, хазалла гайта,
Цо меттигаш йира, вайн синош хьаста.
Маьждигаш схьадилли вайн Нохчийчохь цо,
Динан нур дӀасаҳийзош, дог цӀандеш вайн.
Ӏилманан некъаш а шуьйра цо дилли,
Дешарна, хьекъална неӀарш схьайилли.
Ишколаш, хьужарш, университет —
Кху махкахь кхоьллина серла бе некъ.
Къуран вай Ӏамош, дин чӀагӀдеш вай,
Баркалла хьуна, Рамзан хаьжа, вай!
08.01.2026 11:07
Сайн хьомечу вешина лерина
Дала декъалвойла хьо, сан хьоме ваша Бувайсар,
Ирсечу дахаран серло гуттар хьан новкъахь йисара.
Вониг дӀа а доьдуш, диканиг тӀедеийла хьуна,
Массо а дика аьтту Дала латтабойла хьуна.
Даго ма-бохху хьан ирсе дахар хуьлийла,
Декъал хьо хиларца вайн дог а хьоьстуш лаьттийла.
Дукха вахавойла хьо, вон ца гуш, декъал хуьлийла,
АллахӀан къинхетам хьан дахарца гуттар биссийла!
08.01.2026 11:06
Произведений
43
Написано отзывов
0
Получено отзывов
0
©2025 Все авторские права на произведения принадлежат авторам и охраняются законом. Копирование запрещено!